Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ХІинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тІаьхьенна а, цуьнан тІаьхьенна а юкъахь а мостагІалла хир ду. Зудчун тІаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю». Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогІа. Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. Муса-пайхамаро а ма аьлла: „Шун Везачу Дала, шун вежарех Пайхамар хІоттор ву шуна юкъахь, со санна. Цо бохучу массо а хІумане ладогІалаш. И вара изза Муса, исраилхошка баьхна волу: „Дала шуна со санна волу Пайхамар воуьйтур ву шун халкъана юкъара“.
Выбор основного перевода