Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цул тІаьхьа аса тІедиллира, пІерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тІебогІучу хенахь, гІалин кевнаш дІа а къовлий, шоьтан де дІадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неІарш ларъян сайна тешаме болу нах дІахІиттийра аса. Церан Іалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар. Иштта боху шуьга Везачу Эло: ‘Шайн синош лардархьама, шоьтан садоІучу дийнахь Ярушалайман кевнаш чухула цхьа а тайпана мохь дехьа-сехьа ма баккха. Иштта шайн хІусамашкара шоьтан дийнахь мохь ара а ма баккха, цхьа а тайпана белхаш а ма бе. Аса шайн дайшна тІе-ма-диллара, шоьтан де аша Суна лерина хилийта деза. И сурт гина болчу парушхоша Іийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу». ТІаккха и гиначу парушхоша хаьттира Цуьнга: «Хьажахь, Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь дан мегаш доцу гІуллакх хІунда до цара?» – аьлла. И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хІун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь дан мегаш доцу гІуллакх хІунда до аша?» Зудчо элира Іийсага: «Эла, лохьа суна и Айхьа дуьйцу хи, со хьогах ца хилийта а, со кхуза хІара хи кхехьа ца эхийта а». Іийсас зудчуьнга элира: «Яло, хьайн майра а валош, юха схьайола кхуза». Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгІазло хІунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла? ТІаккха парушхойх цхьаболчара элира: «Делера вац и Стаг, Цо Далла лерина шоьтан де ца лору дела». Вукхара олура: «Шена тІехь къинош долчу стага муха гойтур ю иштта тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш?» Парушхошна юкъахь къовсамаш бевлира.
Выбор основного перевода