Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цунах тешнарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачийтархьама». ХІунда аьлча Шен цхьаъ бен воцу КІант дІаваллал дезна Далла хІара дуьне, муьлхха а Цунах тешнарг, хІаллак а ца хуьлуш, Ша волчохь долчу хедар доцучу дахаре кхачийтархьама. Цунах тешначунна кхел яц. Ткъа Цунах ца тешначунна кхел йина ю, иза Делан цхьаъ бен воцучу КІантах цатешарна. Вайна-м хаьа, ваьшна динан вежарий беза дела, вай, деллачуьра ден а делла, бакъдолчу дахаре девллийла. Ткъа шен ваша цавезарг хІинца а Іожаллин карахь ву. Аса хІара яздина шуьга, Делан КІантах шу тешаш хиларна, шун бакъдолу дахар дуйла шуна дІахаийтархьама.
Выбор основного перевода