Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ТІаккха Іийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. Ярушалаймера бахархошна а, церан хьаькамашна а Іийса ца вевзира. Цара кхел йира Цунна. Цу кеппара, хІора шоьтан дийнахь вай доьшуш долу пайхамарийн дош кхочушхилира. Пайхамарша леррина талла а теллина, Іама а дина оцу кІелхьардовларх дерг дерриг а. Шуна дала кечдинчу Делан диканах лаьцна а дийцина цара. Шайна чохь хиллачу Дала леррина Къобалвинчун Сино йийцина йолу хан а, хьелаш а къасто гІиртина уьш. Цу Сино дийцина царна Дала леррина Къобалвинчун баланех лаьцна а, тІаьхьа Цуьнца боьзна хин болчу сийлахьчу хиламех лаьцна а.
Выбор основного перевода