Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ХІарод и бехк баккхар бахьана долуш Яхьъя вен лууш хилла, амма адамех иза хІуттуш ца хилла, цара Яхьъя лоруш тІеэцна хилла дела. Цара барт бира Іийса хІилланца схьалаца а, вен а. Ши де даьлча тІедан дезаш дара «Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де. ХІилланца схьа а лаьцна, Іийса вен аьтто лоьхуш бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Цул тІаьхьа Галилай-махкахула лелаш вара Іийса. ЯхІуд-махкахула лела ца лаьара Цунна, цигара динан куьйгалхоша Ша вен лоьхий хууш. Кхузахь болчу ярушалаймхойх цхьаболчара бохура: «ХІара-м вац те вен лоьхург? Суна хаьа шу ИбрахІиман хІух дуйла, амма шу Со вен дагахь ду, Сан дош шайна чу ца тарло дела. Ткъа хІинца Со вен дагахь лоьху аш, Со шуьга билггал бакъдерг аьлла Стаг воллушехь. И бакъдерг Суна Делера хезна. Ткъа аш дийриг ИбрахІима ца дора. Со а, Сан Да а – Тхо цхьаъ ду». Наха жоп делира Іийсана: «Ахьа дина дика гІуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тІулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку». Цу дийнахь дуьйна Іийса вен сацам бира цара.
Выбор основного перевода