Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шена гонах адамийн тоба гича, Шен мурдашка Іоман дехьарчу берда тІе довла элира Іийсас. Нах а битина, Иза цІа чу вахара. Іийсан мурдаша, Цунна тІе а бахана, элира: «Аренгахь тІеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа». ТІаккха цара адамаш а дитина, Іийса хинкеман тІехь ма-хиллара шайца дІавигира. Хи чохь кхераниг доцург кхин а кеманаш дара. Нах а битина, Іийса цІа чу ваьлча, мурдаша оцу дустарх лаьцна хаьттира Цуьнга. Дукха адам тІаьхьахІоьттира Іийсана, хІунда аьлча царна гина хилла Цо цомгушчарна тІехь йина тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш. Цкъа, лам тІе а ваьлла, цигахь Шен мурдашца Іаш вара Иза. Ткъа нах, схьа а баьхкина, Шех паччахь вархьама Ша схьалаца бохкий а хиъна, Іийса юха а Ша цхьаъ лам тІе дІавахара.
Выбор основного перевода