Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Айса-Сайгара хІумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХІунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо». Цундела Іийсас элира: «Шаьш Адамийн КІант хьалаваьккхича, тІаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хІума ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна. ХІунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хІун ала а, хІун дийца а деза олуш. Ткъа хьо ца теша, Со Деца хиларх а, Да Соьца хиларх а? Аса шуьга олу дешнаш Соьгара дац. Соьца хуьлуш волчу Сан Дас деш ду и Шен гІуллакхаш.
Выбор основного перевода