Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дена Шен КІант веза. Цо массо а хІума Шен КІентан кара дІаделла. Аса Сайн са, юха а схьаэцархьама, дІало дела, Сан Дена Со веза. Бакъдерг боху Ас шуьга: и Ас дийриг Сох тешачуьнга а далур ду. Кхин а сов гІуллакхаш далур ду цуьнга, хІунда аьлча Со Сайн Да волчу воьду. Сан Дена Со везаре терра, Суна шу а дезна. Хуьлийла шу а Сан безамехь. Со цаьрца а, Хьо Соьца а санна, хуьлийла уьш а кхоччуш цхьаалла йолуш, дуьне тешийтархьама Ахьа Со вахийтина хиларх а, Со санна, Хьуна уьш безна хиларх а. Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хІунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера.
Выбор основного перевода