Аса шайна тІедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тІедехкинарш нийсса кхочушдина дела.
Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дІагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло.
Ткъа Делан дош лардеш волчунна чохь Делан безам билггал буьззина бу. Вай билггал Делаца хиларан билгало иштта ю:
ХІунда аьлча Деле безам хилар – Делан весеташ кхочушдар ду. Ткъа Делан весеташ кхочушдан тІех хала а дац,
(Ткъа безам иштта бу: стигаларчу Ден весеташ лар а деш, вай лелар.) Иза шуна юьхьанца дуьйна а хезна долу весет ду, и лардеш шу лелийтархьама.