Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доІан тІехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тІаккха аш доьхург лур ду шуна. Иштта, ЯхІуд араваьлча, Іийсас элира: «ХІинца Адамийн КІентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи. Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тІаккха Дала а Шегахула Адамийн КІентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю. Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду.
Выбор основного перевода