Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХІунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гІуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх. Іийсас жоп делира цаьрга: «Ас элира шуьга, амма шу ца теша Сох. Сайн Ден цІарах Ас деш долчу гІуллакхаша тоьшалла до Сох. Нагахь Ас Сайн Дас до гІуллакхаш деш дацахь, Сох ма тешалаш. Амма, нагахь Ас и гІуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гІуллакхех теша. ТІаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а – тхо цхьаъ дуйла». Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а.
Выбор основного перевода