Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дагахь латтаделаш шайна иза, хІунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш. Иза Цо элира Шех тешаш болчара тІеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хІинца а Делан Са дацара, хІунда аьлча Іийса Дас сийлалла даза вара. Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хІунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тІейогІучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна. Цу кеппара гІорасиза долчу вайна Делан Сино а гІо до. Вайна ца хаьа дан ма-деззара доІанаш дан. Ткъа Делан Сино, вайл хьалха а долий, вайна тІера Деле доьху дешнашца вайга дІа ца алалучу узаршца.
Выбор основного перевода