Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Амма, нагахь Ас и гІуллакхаш деш хилча, шаьш Сох ца тешахь а, Ас дечу гІуллакхех теша. ТІаккха мукъана а кхетар хир ду шу, Сан Да Соьца а, Со Цуьнца а – тхо цхьаъ дуйла». ХІунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хІун ала а, хІун дийца а деза олуш. Цу дийнахь хуур ду шуна Со Сайн Деца хилар а, шу Соьца хилар а, Со а шуьца хилар а. Со ца везачо Сан дешнаш а тІе ца оьцу. Ткъа шуна хезаш долу дош Сан дац. Иза Со ваийтинчу Ден ду. Ас доьху уьш берриш цхьаъ хилийта. Хьо, Сан Дада, Соьца а, Со Хьоьца а санна, уьш а Вайца хилийтахь, Со Ахь ваийтина хиларх дуьне тешийтархьама.
Выбор основного перевода