Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іийсас цаьрга жоп делира: «Аса баккъалла а боху: шун, шеко а йоцуш, чІогІа тешар делахь, шуьга хІокху комаран диттана хилларг дан ницкъ кхаьчна а ца Іаш, аша и лаьтташ болчу ломе: „Хьала а балий, хІордана чу кхоссало“, – алахь, иза а кхочуш хир ду. Иштта цаьрца къамел динчул тІаьхьа Іийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агІор охьахиира. Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гІо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чІагІдора Цо. Іийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, – бохура цара, – жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цІарах оха омра дича».
Выбор основного перевода