Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нІаьна кхайкхира. «Сингаттаме ма хуьлийла шун дегнаш. Делах а тешалаш, Сох а теша. Якъубан тІаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дІанисдинчу а Везачу Эло хІинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргІатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цІе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду. Хьо хийх дехьадолучу хенахь, Со хьоьца хир ву. Хьо Іоврех дехьадолучу хенахь, хиша хьо дІакхоьхьур дац. ЦІерах хьо дехьадолуш, цо хьо дагор дац, цІеран алунаша хьуна зе дийр дац. Іийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила! Машар буьту Ас шуна, Сайн машар ло Ас шуна. Дуьнено ца луччу тайпана, машар ло Ас шуна. Синтем боцуш ма хуьлийла шун дегнаш, кхера а ма лойла уьш. ТІаккха цу дийнахь хІумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цІарах цхьа хІума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна. ХІинццалц хІумма а ца дехнера аша Сан цІарах. Ткъа хІинца деха, лур ду шуна, шун хазахетар дуьззина хилийтархьама». Тешар хиларна, Делера баркалла хилла царна, амма лур ду аьлларг схьа ца эцна цара.
Выбор основного перевода