Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Бакъдолу дахар Цунна чохь а дара, и дахар адамашна серло а яра. Кху дуьнен чу Делах йолу серло яьржина, амма адамашна серлонал бода беза, шаьш до гІуллакхаш Далла хьалха вон долу дела. Цул тІаьхьа юха а элира Іийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тІаьхьахІоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю». Со дуьненахь мел ву, дуьненна елла серло ю Со». ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «ХІинца а кІеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дІа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа.
Выбор основного перевода