Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Дог а ду сан, чІогІа гІайгІане доьжна. Мел Іан деза те сан Хьоьга сатуьйсуш? ХІунда ду те хьо сингаттаме, сан са, карзах хІунда дуьйлу те хьо сан кийрахь? Деле ладоьгІуш хила, хІунда аьлча ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна, со КІелхьарвоккхург волчу сайн Далла. Цо элира цаьрга: «Сан са Іожаллин гІайгІанехь ду. Аша кхузахь а совций, Соьца цхьаьна сема хан яккха». Царна жимма дехьа а ваьлла, бертал а воьжна, доІа дира Цо: «Сан Дада! Йиш елахь, и баланийн къаьхьа кад Суна уллохула тІехбаккхахьара Ахь! Делахь а, иза Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла». Цо элира цаьрга: «Сан са Іожаллин гІайгІанехь ду. Аша кхузахь а совций, сема хан яккха». Йоьлху Марем а, боьлху цуьнца баьхкина яхІудхой а гина, са карзахдаьлла, дог доьхна вара Іийса.
Выбор основного перевода