Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шайн Везачу Делан сий де, Цо бода тІебаийтале, маьркІажехь долчу гунаш тІехь шайн когаш тийсабалале. Аша серлоне сатуьйсу, амма Цо цунах Іаьржа бода бийр бу. ТІаккха Іийсас элира: «Кхин а кІеззигчу хенахь Іийр ву Со шуьца, цул тІаьхьа Со Ваийтинчунна тІе гІур ву Со. Цул тІаьхьа юха а элира Іийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тІаьхьахІоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю». Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гІерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хІунда аьлча цу бодано иза бІарзвина.
Выбор основного перевода