Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Царна жимма дехьа а ваьлла, лаьтта а воьжна, Іийсас доІа дира: «Нагахь йиш елахь, дІакъастадойла Ахь Сох и къизаллин сахьт», – КхозлагІа а тІевеана, элира Цо цаьрга: «Шу хІинца а наб еш, садоІуш ду? Тоьар ду, тІедеана и сахьт. Адамийн КІант къинош летийначеран каравоьду хан тІекхаьчна. Пасахьан деза де тІекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тІеваха веза хан тІекхаьчний хаьара Іийсана. Дуьненара Шенаш безара Іийсана, ткъа хІинца Шен безам ма-барра кІорггера гайтира Іийсас царна. Иштта, ЯхІуд араваьлча, Іийсас элира: «ХІинца Адамийн КІентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи. Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тІаккха Дала а Шегахула Адамийн КІентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю. И дешнаш а аьлла, Шен бІаьргаш стигала хьала а хьажийна, Іийсас элира: «Дада! ТІедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КІентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта.
Выбор основного перевода