Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гІорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис. ТІаккха Іийсас элира: «Со кху дуьнен чу адамаш декъадалийта веана ву. БІаьрзе болчарна са гайта а, ткъа бІаьрса долуш берш бІаьрзе бан а веана». Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хІунда аьлча кху дуьненан эла схьавогІу, ткъа цуьнан Суна тІехь олалла дац. Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хІунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина. Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. Цхьана хенахь, и къинош тІехь а долуш, кху дуьненан вочу некъашна тІедевлла а, хІаваан ницкъийн элана тІаьхьахІиттина а лелаш ма дара шу. Цу эло хІинца а муьтІахь боцучу нехан дегнаш чохь болх бо.
Выбор основного перевода