Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Оцу гІалахь вон цІе йоккхуш, цхьа зуда яра, дукха къинош долуш. Іийса парушхо волчохь хьошалгІахь ву аьлла хезча, цига еара иза, мехалчу кхаби чохь хаза хьожа йогІуш долу, дегІан меженашна хьокху даьтта а дахьаш. Іийсана тІехьа, когашка дІа а хІоьттина, йоьлхуш, бІаьрхиш Цуьнан когаш тІе а Іенош, юха шен ехачу месашца уьш дІа а дохуш, Цуьнан когаш бакъа а беш, царах барташ бохура, царна тІе хаза хьожа йогІу даьтта дуьттура цо. Ткъа и Марем яра, Везачу Элана тІе хаза хьожа йогІу деза даьтта а доьттина, Цуьнан когаш шен коьртан месашца бакъон берг. Ткъа и цомгушниг Мареман ваша ЛаІзар вара.
Выбор основного перевода