Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шен са Іалашдан гІоьртинарг синах вер ву, амма Сан дуьхьа са дІаделлачунна иза карор ду. ХІунда аьлча шен са кІелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дІаделлачунна бакъдолу дахар карор ду. ХІунда аьлча шен са кІелхьардаккха лууш верг сих вер ву, амма Сан а, Делера болу хазачу кхоан а дуьхьа шен са дІалучо иза кІелхьардоккхур ду. ХІунда аьлча шен са кІелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дІаделлачо иза кІелхьардоккхур ду. «Стаг Суна тІаьхьахІоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь. Шен са лардечо иза хІаллакдийр ду, ткъа са дІалочо иза Іалашдийр ду.
Выбор основного перевода