Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КІант! Цуьнца бу Сан лаам!» Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогІалаш Цуьнга!» Ткъа стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КІант! Хьоьца бу Сан лаам». Ткъа цу хенахь, марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант. Цуьнга ладогІа!» – аьлла. Іийсана тІе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КІант! Хьоьца бу Сан лаам!» Мархи юкъара аз хезира: «ХІара ву Ас хаьржина волу Сан КІант. Цуьнга ладогІалаш!» Кхин а элира Іийсас: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ДІаеллаелла стигалш а, Адамийн КІант волчу Суна тІе охьадуьссуш а, хьаладуьйлуш а Делан маликаш а гур ду шуна». Со ваийтина волчу Сан Дас до Сох тоьшалла. Шуна-м я Цуьнан аз а ца хезна, я Цуьнан сибат а ца гина. Иштта, ЯхІуд араваьлча, Іийсас элира: «ХІинца Адамийн КІентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи. Ахьа Сайна тІедиллина гІуллакх кхочуш а дина, кху лаьттахь Хьан сийлалла гайти Ас. Ткъа хІинца, Дада, Ахьа сийлахьвехьа Со Хьайна хьалха, дуьне кхоллале дуьйна а, Хьо волчохь Сан хилла долчу сийлаллица.
Выбор основного перевода