Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Амма мурдаш ца кхийтира оцу дешнех, ткъа хатта уьш кхоьрура. Цо дийцинчух векалш ца кхийтира, Цуьнан дешнийн маьІна царна къевлина дара. Іийса веллачуьра денвича, Цуьнан мурдашна Цо аьлла и дешнаш дагадеара. ТІаккха тийшира уьш Делан Йозанех а, Іийсан дашах а. Иза Цо элира Шех тешаш болчара тІеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хІинца а Делан Са дацара, хІунда аьлча Іийса Дас сийлалла даза вара. Ткъа шуна гІо Дийриг, Шен Са, доуьйтур ду Сан Дас. Сан дуьхьа доуьйтур долчу цу Делан Сино хьоьхур ду шуна массо хІума а. Ас шуьга мел дийцинарг дага а доуьйтур ду Цо шуна.
Выбор основного перевода