Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
«Декъаза бу, Сан уьстагІий хІаллак а деш, дІаса а лоьхкуш лелаш болу Іуй», – боху Везачу Эло. Цундела Шен къомана тІехь Іуналла дан дезаш болчу Іуйшка Исраилан Дела волчу Везачу Эло боху: «Аша Сан уьстагІий дІасалаьхкина, аша царна Іуналла а ца дина. Цундела Аса таІзар дийр ду шуна, – боху Везачу Эло. – «Адаман кІант, исраилхойн Іушна дуьхьал Соьгара болу хаам бе. Соьгара болу хаам а беш, дІаала цаьрга: „Къа ду шун, исраилхойн Іуй! Шу шайн жа дажо дезаш дац те? Амма аша шаьш-шайн бен ца дажадо! Аша уьстагІийн шура молу, церан тІергІах йина хІуманаш шайна тІе а юху, иштта аша дерстинчу уьстагІашна урс хьокху, амма уьш дажа ца до.
Выбор основного перевода