Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
«ХІара Сан Ялхо ву, Ас чІагІвеш волу. Иза Ас хаьржина ву, Цунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Цунна тІе, Цо халкъашна нийсо схьайоккхур ю. Цо мохь а хьоькхур бац, Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь Шен аз а хозуьйтур дац Цо. Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Цо, дІаян гІерташ сийсаш йогуш йолу милт а дІайойур яц. Цо баккъалла а нийсо схьайоккхур ю. Иза гІел а лур вац, дог эшна а хир вац, лаьтта тІехь Ша нийсо дІахІоттаяллалц. ХІордан йистера дехаш долу къаьмнаш Цуьнан хьехамах дог тешна хир ду». Якъубан тІаьхье, хьо кхоьллинчу а, Исраилан халкъ, хьо дІанисдинчу а Везачу Эло хІинца иштта боху: «Ма кхера – Ас мах баларца паргІатдаьккхина халкъ ду хьо. Хьан цІе а йоккхуш, Ас схьакхайкхина хьоьга – Хьо Сан ду. Боданехь Іалашъеш йолу хазна а, хьелаш дІахьулдина къайлаха меттигаш а Ас хьуна дІалур ю, хьуна хаийтархьама, Со хьан Исраилан халкъан Веза Дела вуйла, хьайн цІарца хьо Соьга кхайкхина волу. Сайн ялхочун Якъубан дуьхьа, Айса хаьржинчу Исраилан дуьхьа, хьайн цІарца хьо схьакхайкхина Ас, сийлаллин цІе хьуна дІало Ас, хьуна Со вевзаш вацахь а. Ткъа динан куьйгалхоша цуьнга жоп делира: «Хьо-х верриг а къинош юкъахь вина ву. Ахь хьоьхур дара тхуна?» Иза а аьлла, гуламан цІийнах дІакъастийра цара и стаг. И стаг гуламан цІийнах дІакъастийнийла а хиъна, иза схьа а лехна, Іийсас элира цуьнга: «Теший хьо Адамийн КІантах?» Цу стага, жоп луш, элира: «Эла, Мила ву те Иза, со Цунах тешаш хила?» Іийсас элира цуьнга: «Хьуна Иза ган а гина, хІинца хьоьца къамел Дийриг а Иза ву». ТІаккха бІаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Іийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг. Со ков ду. Милла а Сох чуваьлларг кІелхьарвоккхур ву. Иза ладогІарца чу-ара а вер ву, цунна дежийла а карор ю. Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву. Сан уьстагІашна Сан аз а хеза, Суна а уьш девза, уьш Суна тІаьхьа а догІу. Іийсас элира цуьнга: «Марем!» Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду). Меттаматтал арахьа Иза волчу арадовлийла вай, Цуьнан сийсазвар тІе а лоцуш.
Выбор основного перевода