Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ХІунда ца кхета те шу Сан къамелах? Иза сан дош шуна хаза йиш йоцу дела ду. Ков лардеш волчу стага цунна ков дІадоьллу, ткъа уьстагІаша цуьнан озе ла а дугІу. ТІаккха, шен уьстагІийн цІераш а йохуш, уьш арадоху цо. Шу Цуьнца доьзна хиларна, адамийн куьйгашца дина доцу шун сунтдар кхочушдина. Дала леррина Къобалвинчо кхочушдинчу сунтдарехула шун хьарам лаамаш дІабаьхна. Хих чекхдовлучу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна дІадоьхкина долу шу Цуьнца цхьаьна денделла, Иза веллачуьра денвинчу Делан ницкъах шун долчу тешарца. Шаьш къинош летийна дела а, кхечу къаьмнех шаьш схьадевлла дела а, хьалха шу делла дара. Ткъа хІинца Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шу денделла, Дала вайн массо а къиношна геч а дина. Цо дІадайина вайн декхар тІеяздина долу йоза. Оцу кехат тІехь вайна дуьхьал долу а, вай бехке озош долу а парзаш дара. ЖІарах дІа а тоьхна, Дала и кехат дІадаьккхина. Иза дарца жинийн хьаькамийн а, куьйгалхойн а карара олалла дІадаьккхина Цо. Іийса жІарах дІатохарехула царна тІехь толам а баьккхина, массарна а хьалха уьш юьхьІаьржачу хІиттийра Цо.
Выбор основного перевода