Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ХІунда аьлча хІокху махка тІехь Іу дІахІотто воллу Со, леш долчу шен уьстагІийн дола деш воцург, дайнарш лоьхун воцург, лазийнарш тоден воцург, могуш долчарна кхача лун воцург, ткъа дерстинчеран жижиг а дууш, ур-атталла церан бергаш схьайохун верг. Декъаза ву Сан телхина Іу, жа дуьтуш волу! Тур цуьнан аьтту куьйгана а, аьтту бІаьргана а тухийла. Цуьнан куьг кхоччуш заьІап хуьлда, аьтту бІаьрг а кхоччуш бІаьрса доцуш буьсийла». «Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагІий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хІума доцуш а хилалаш. Суна хаьа, со шуна юкъара дІавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац.
Выбор основного перевода