ХІара ков Везачу Элан ков ду. Цу чу Делан лаамехь берш гІур бу.
«Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ – иза стаг хІаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дІабоьлху цу новкъахула.
Дахарна тІевоьдучохь долу ков готта ду, цу тІе боьдуш болу некъ хала бу. КІеззигчарна бен иза кара а ца бо.