Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Пасахьан дезачу дийнахь, Іийса Ярушалаймехь волуш, Цо деш долчу тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш а гина, дукхахберш тийшира Цунах. Ткъа тобанна юкъара дукхах болу нах тийшира Цунах. Цара бохура: «Дала леррина Къобалвинарг веача, Цо ХІокхо гайтинчул сов гойтур юй те тамашийна билгалонаш?» Іийсас бохург хезаш болчех дукхахберш Цунах теша буьйлабелира. ТІаккха Марем йолчу баьхкинчу яхІудхойх дукхахберш, Іийсас динарг а гина, тийшира Цунах. ХІунда аьлча ЛаІзар бахьана долуш баьхкина дукхах болу яхІудхой, динан куьйгалхойх дІа а къаьстина, Іийсах тийшира. Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Іийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цІийнах дІакъасторах.
Выбор основного перевода