Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цунна гІело а йора, ницкъ а бора, амма Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Урс хьакха дІабуьгуш болчу Іахаро санна, ша лоргучунна хьалха шен Іаь ца йолуьйтучу уьстагІо санна, Шен бага хьала ца гІаттийра Цо. Цуьнан гІуллакх харц къасторна, Иза дІаваьккхира. Амма Цуьнан тІаьхьенах лаьцна хьан ойла йора? Дийначеран лаьтта тІера дІаваьккхина вара Иза. Сан халкъан къинош бахьанехь Цунна ницкъ бира. Цундела Ас сийлахьчарна юкъахь дакъа лур ду Цунна, ондачаьрца ижу йоькъур ю Цо, Цо Шен дахар Іожаллина дІадаларна а, зуламхойх Иза дІатоьхна хиларна а. Цо дуккха а болчеран къинош дІа а даьхьира, зуламхошна тІера доІанаш а дора. Іожаллина тІекхаччалц Далла муьтІахь а хилла, Ша лахара вира Цо. ЖІара тІехь Ша валлалц, муьтІахь висира Иза. Цундела Дала Иза вазвира, уггар а лакхарчу даржехь Иза дІа а хІоттийна,
Выбор основного перевода