Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ШолгІачу дийнахь, шена тІевогІу Іийса а гина, Яхьъяс элира: «Хьажал, ХІара Дала, кху дуьненара адамийн къинош тІе а лаьцна, уьш дІадахьа баийтина Іахар бу. И суна ган а гира, ас тоьшалла а до Иза Делан КІант хиларх». Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дІадолийра Іийсас тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тІаккха тийшира Іийсах Цуьнан мурдаш. Яхьъяс жоп делира: «Адамо хІумма а шена тІелаца йиш яц, нагахь санна иза цунна стигалшкара Дала делла дацахь. Иза вазвала веза, ткъа со лахвала веза».
Выбор основного перевода