Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хІума а юуш, садоІуш болчу хенахь, цу гІалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цІенна го а бина, неІ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа». Схьало тхан кара ГебаІ-гІалара болу и боьха нах. Оха, уьш байа а байина, Исраилан махкара вон дІадоккхур ду». Амма Бен-Яманан тІаьхьенах болчарна ца лиира Исраилан халкъах болчу шайн вежаршка ладогІа. Исраилхой, шаьш сел чІогІа дуьхьалдевллачу Далла тІе юхадерза! «Коьман маІаца дІакхайкхаде ГебаІ-гІалахь, турбанца дІакхайкхаде Рама-гІалахь, орца даккха Байт-Аван-гІалахь! Бен-Яман, мостагІа хьуна тІаьхьа вогІуш ву! Царна дага а ца догІу Суна церан зуламаш дерриг а дагахь хилар. Шаьш динчу зуламаша хІинца го бина царна. Церан къинош Суна хьалха ду. Суна дийнаташ дайина сагІанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хІинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таІзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу». Везачу Эло боху: «ГебаІ-гІалахь леточу хенахь дуьйна ахь къинош летадо, ва Исраилан халкъ. Къинош леточуьра ца севци уьш, ГебаІ-гІалахь тІом тІекхочур бу царна сийсазаллех буьзначу оцу нахана дуьхьал.
Выбор основного перевода