Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ТаІзар дечу дийнахь, геннара бохам тІебеача, хІун дан дохку шу? Хьаьнга гІо доьхур ду аша? Шайн хьал мичахь дуьтур ду аша? Везачу Эло бекхам баран де а, мостагІех акхаран шо а билгалдаьккхира. Цийонан гІуллакх лардийр ду Цо. Церан цхьа а тайпана мах бац, уьш беламна йина ю. Кхел ечу хенахь уьш тІепаза йовр ю. Уьш юхаметтахІоттабале, цара лелийначу зуламашна а, цара летийначу къиношна а догІург шозза дІалур ду Аса оцу нахана, хІунда аьлча, декъий санна, са доцучу шайн цІушца цара Сан латта бехдина, шайн дегазчу харцделанех цара Сан долахь дерг дуьзна». Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Къа ду шайн сино бохучунна тІаьхьадевлла лелаш долчу а, цхьа а хІума ца гиначу а сонтачу пайхамарийн. Нагахь санна Сан цІарах харц хаам бан цхьа пайхамар Іехавеш велахь, Веза Эла волу Со иза Іехавинарг ву. Цунна дуьхьал Сайн куьг дерзор ду Аса, ткъа Сайн Исраилан халкъана юкъара иза ара а воккхур ву Аса. Цу шинна а: хаттар дан веанчунна а, цунна жоп деллачу пайхамарна а – цхьатерра таІзар дийр ду. «ЛадогІа дуьйцучуьнга, динан дай! Тидам бе, Исраилан халкъан цІийнах берш! ДІахаза, паччахьан цІа! Шун карахь ду нийсонца кхел яр – иштта хІара кхел шуна дуьхьал йийр ю, МицІпа-гІалахь шух кІело йина дела, Табур-ломахь дІасаяржийна бой санна шу хилла дела. Царах диканиг коканан колл санна ву, нийсо лелош верг – кІохцалийн кертал а оьшуш ву. Дала халкъана таІзар ден долу де тІекхочуш лаьтта. ХІинца уьш боьхна хьийзар бу.
Выбор основного перевода