Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Латта гуттаренна а дохка мегар дац, хІунда аьлча иза Сан ду. Шу Сан латта лело шайна бакъо еллачу хийрачу махкарчу нахах тера ду. Ас кхин цкъа а шуна иза гур бац аьллехь а, Мисар-махка юхадуьгур ду шу Везачу Эло хІордкеманаш тІехь. Цигахь шайн мостагІашна дохкалур ду шу, леш а, гІарбашаш а хилла, амма шу оьцуш цхьа а хир вац». Иза бахьанехь дерриг а халкъ – кІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц – тІеман хьаькамашца цхьана Мисар-махка дІадедира, шаьш хашадхойх кхерарна. Аса шу токхечу лаьтта тІе схьадалийра, цуьнан ялта а, дика хІуманаш а шуьга яийта. Амма аша, схьа а даьхкина, Сан латта бехдира, Сан долахь долчух аша дегаза меттиг йира. ГІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кІентан Ахьикхаман кІантехь Гадал-ЯхІугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхІу-пайхамар а, Нери-ЯхІун кІант Барух а шайца дІабигира. Цул тІаьхьа Везачу Эло элира: «Оцу хІумано гойтур ду, Исраилан халкъо хьарам кхача муха боу, Ас, шаьш цІера ара а даьхна, кхин къаьмнаш долчу дІалаьхкича». Эпрайман халкъ кхокханах тарделла, иза сонта а, кхетам боцуш а ма ду! Цуьнан халкъо Мисар-махке гІо доьху, Ашур-махка гІо деха а доьду иза. Суна дийнаташ дайина сагІанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хІинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таІзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу».
Выбор основного перевода