Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дІахедае а, шайна тІе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга. Амма шу самукъадаьлла а, даккхийдеш а дара! Шу, стерчий а, уьстагІий а дойуш, жижиг дууш а, чагІар молуш а дара. «Юушший, молушший Іей вай, кхана вай лийр долу дела» – бохура аша. Тхаьш аьлларг оха билггал кхочушдийр ду: оха цІеран а, чагІаран а сагІанаш а дохур ду стигаларчу зуда-паччахьна, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а тхо а, тхан дай а, тхан куьйгалхой а, тхан паччахьаш а, тхан баьччанаш а ма-леллара лелар а ду. Оцу хенахь тхан даа хІума а хуьлура, тхан аьтто а хуьлура, тхуна тІе вонаш а ца догІура. Массо а кхахьпанаша божаршкара совгІаташ схьаоьцу, ткъа ахьа совгІаташ хьайн безаршна дора, уьш массо а маьІІера хьайца лела схьаэхийта. «Аша боху: „Тхо кхин къаьмнаш санна, кхечу мехкашкара долу халкъаш санна хир ду, дечигна а, тІулгана а Іамал а еш“. Амма аша бохург цкъа а хир ма дац! Везачу Эло, ХІушаІехула Исраилан халкъе Ша вистхила волалуш, иштта элира: «Вало, нахаца лела зуда ялае хьайна, цунах девр долу бераш схьаэца, тешаме доцуш уьш хир делахь а, хІунда аьлча хІара халкъ чІогІа зуламе даьлла, кхечу деланашна тІаьхьа а хІоьттина, Везачу Элах дІадирзина иза». ХІунда аьлча церан нана тешаме яцара, уьш дуьнен чу даьхнарг сийсаза лелара. Цо ша а олура: „Сайн безаргашна тІаьххье дІагІур ю со, цара суна бепиг а, хи а, тІаргІа а, вета а, даьтта а, маларш а луш долу дела“. Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хІара“, – олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу. «Сан халкъ дагадуьйлу шен дечиган цІунах, ткъа гІожаца пал а туьйсуш, цунна жоп ло. Цатешаме хиларан сино уьш тилийна. Кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, Делах дІабирзина уьш. Шамран-гІалин бахархой Іадор бу, Байт-Аванехь волу эса-цІу бахьана долуш. Цуьнан халкъ цунна тийжар ду, цунах баккхийбина болу харцдинан дай, цуьнан сийлалла бахьана долуш, боьлхур бу, и сийлалла халкъера дІаер йолу дела.
Выбор основного перевода