Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цу дийнахь стага ша Іибадат дан бина дато а, дашо а цІуш боьлкъазаршна а, бирдолагашна а дІакхуьйсур бу, Бешах дассийна латта дийр ду Аса, гаьннаш а хедор дац, охкур а яц, тІаккха цу тІехь коканан а, эртхан а коьллаш евр ю. Мархашна омра дийр ду Аса, беша тІе догІа ма даийта аьлла». ЦоІан-гІалара баьччанаш хьерабевлла, Нуп-гІалара баьччанаш Іехабелла, иштта тайпанийн тхьамданаша Мисар шен новкъах тилийна, уьш сонехь болу чІогІа тІулг санна хила безнехь а. ГІайгІа е тІехь коканан коьллаш а, кІохцалш а долчу Сан халкъан лаьттах. Делха массо а самукъане хиллачу цІенойх а, йоккхаеш хиллачу гІаланах а. Нуп-гІалин а, Тахьпанхьас-гІалин а бахархоша хьан хьеюкъ дІаяьшна. Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгІира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гІала дІабахара. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цІуш а бохор бу, Нуп-гІалара харцделанаш а хІаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу. Ас Мисар-махкана тІе цІе хьажор ю, ткъа Син лазаршка хьийзайойтур ю, Ну-гІала а хІаллакьхир ю, дийнан юккъехь Нуп-гІалина тІелетар бу мостагІий. ХІаллакйина хир ю Авайнан сагІа доккху лакхенаш – Исраилан халкъан къинош. СагІа доккхучу церан меттигаш тІе кІохцалш а, яраш а евр ю. ТІаккха халкъо эр ду лаьмнашка: «ДІахьулдейша тхо!» Баьрзнашка а доьхур ду: «ТІеэгийша тхуна!» – бохуш.
Выбор основного перевода