Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Иштта, цигахь БаІал-ПаІор цІе йолчу цІунна Іамал ян буьйлабелира исраилхой. ТІаккха Веза Эла чІогІа дарвелира Исраилан халкъана. Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера, гІийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь. Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга, Шен йоІбІаьрг санна, Іалаш а дора. Хьайн гІаланаш мел ю, деланаш а бу хьан, ЯхІудан халкъ, ткъа Ярушалаймехь хьан урамаш мел ду, дегаза харцдела волчу оцу БаІална сагІа доккху меттигаш кечйина ахь“. Цхьана тускар чохь яра хьалххе хуьлуш ерш санна йолу дика инжираш, ткъа вукху тускар чохь яа ца маггал телхина вон инжираш яра. Аса шун йоІаршна таІзар дийр дац цара кхахьпалла лелорна, шун несаршна а таІзар дийр дац Аса уьш нахаца леларна. ХІунда аьлча шу шаьш кхахьпанашца дІа а дуьйшу, нахаца лелаш болчу „безачу“ зударшца цхьаьна сагІанаш а доху аша. Ткъа: „Кхетам боцу халкъ дакъаза ма долу!“» Декъаза ю со! ХІунда аьлча хІинца суна хилларг – аьхка схьалахьийначу стоьмех а, схьаяьхначу кемсех а тера ду: яа цхьа а кемсийн хорха а яц, со хьоьгуш йолчу мерзачу инжирех цхьа а яц.
Выбор основного перевода