Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ТаІзар дечу дийнахь, геннара бохам тІебеача, хІун дан дохку шу? Хьаьнга гІо доьхур ду аша? Шайн хьал мичахь дуьтур ду аша? пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хІума деза. Амма хІун дийр ду те аша, чаккхе тІекхаьчча?» Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагІа доккхучу кхерча тІехь гІуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гІуллакх дийраш! ХІунда аьлча шун Делан цІа чохь лелош дац кІен а, чагІаран а сагІа даккхар.
Выбор основного перевода