Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до. Халкъана хиндерриг хир ду динан дайшна а. Цара дІакхоьхьучу некъе терра дийр ду Аса царна таІзар. Церан гІуллакхашка хьаьжжина, Аса дІадоькхур ду царна. Царна дага а ца догІу Суна церан зуламаш дерриг а дагахь хилар. Шаьш динчу зуламаша хІинца го бина царна. Церан къинош Суна хьалха ду. Везачу Эло ЯхІудан халкъе бехкаш доху. Якъубан тІаьхьенна таІзар дийр ду Цо, церан некъашка хьаьжжина. Царна дан догІург а дийр ду Цо, церан гІуллакхашка хьаьжжина. ГалІад-гІалахь нах цІушна Іамал еш буй? Цуьнан бахархой баккъалла а цхьана а хІуманна тІе кхочур бац. Галгал-гІалахь наха эсий дойу. Церан сагІа доккху меттигаш кхен хершнашкахь гулдинчу тІулгийн баьрзнаш санна хир ю.
Выбор основного перевода