Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Со веллачунна тийжачу хенахь Хьуна дІакъастийначух хІумма а ца диира ас, со Хьуна хьалха цІена воцучу хенахь царах хІумма а схьа ца эцна ас, иштта царах хІумма а веллачунна сагІина дІа ца деллера ас. Сан Везачу Дала бохучунна муьтІахь хилира со. Ахь суна тІе мел диллинарг кхочушдира ас. ХІунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогІу сегІаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагІанаш, иштта кхидолу шун сагІанаш а Суна тамехь дац». Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагІанаш, я деланашна хІиттийна тІулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цІуш а боцуш. Уьш сагІина шайн уьстагІий а, стерчий а дахьаш, Веза Эла лаха арабевр бу, амма Иза царна карор вац. Иза царах дІавирзина. Суна дийнаташ дайина сагІанаш а дохий, оцу дийнатийн жижиг доу цара. Везачу Элана тамехь дац иза. Ткъа хІинца Везачу Эло тидам бийр бу цара динчу зуламийн, цара летийна къинош бахьана долуш, Цо таІзар дийр ду: уьш Мисар-махка юхаберзор бу». ТІаккха Хьагай-пайхамаро, жоп а луш, иштта элира: «Иштта ду хІара халкъ, иштта ду Суна хьалха хІара къам, – боху Везачу Эло, – иштта ду церан куьйгаша мел деш долу гІуллакхаш а! Цара Суна цигахь мел доккху сагІа Суна хьалха боьха ду».
Выбор основного перевода