Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Шун латта дассаделла, гІаланаш цІеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бІаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тІелетча санна. Цо царна тІеюттура Шен оьгІазалла а, тІеман къизалла а. Цуьнан оьгІазалло, цІеро санна, го лецира церан, амма уьш ца кхийтира хиллачух. Цуьнан дералла царна дуьхьал йогуш яра, амма шайн дегнаш тІе ца ийцира цара иза. Ас и хІуманаш хІонс санна хийрачу нехан кара дІалур ю, ткъа дуьнен чуьра зуламхоша, деши а, дети а схьа а эцна, иза бехдийр ду. Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш». «Шаьш-шайна мох кхиийна дела, цара дарц лахьор ду. Кенаш доцучу кІенах ялта кхуьур дац. Нагахь санна ялта кхиънехьара, хийрачу наха иза дІакхоллур дара.
Выбор основного перевода