Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш». Суна тешаме ца хилархьама, кхиболчу деланашца а лелаш. Нахаца леларо а, чагІаро а – иза шира я керла даьккхина делахь а – сан халкъан кхетам дІа ма оьцу!» Суна тІеберзаран метта, гІийлачу харцдалла тІебоьрзу уьш. Шен пхарца гІокхана тІе ца кхочу тешам боцу секхаІад санна бу уьш. Церан элий туьро хІаллакбийр бу, шайн кІоршаме мотт бахьана долуш. ТІаккха Мисаран халкъ доьлур ду царах». Исраилан халкъ Ашур-махка дІадахара. Виркхело шена лоьхуш йолу акха вир санна, Эпрайма совгІаташ дарца безаргаш шегахьа бохура. Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тІаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо». Везачу Эло ЯхІудан халкъе бехкаш доху. Якъубан тІаьхьенна таІзар дийр ду Цо, церан некъашка хьаьжжина. Царна дан догІург а дийр ду Цо, церан гІуллакхашка хьаьжжина.
Выбор основного перевода