Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Шайн баганашца уьш Цунна хьесталора, шайн харцматтаца Цунна хьалха бакъ доцург дуьйцура цара. Церан дегнаш Цунна тІедирзина дацара, Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара. Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац. Тешаме доцу, цуьнан йиша йолу ЯхІудан халкъ цІеначу дагца Суна тІе ца дирзира, цо Суна моттаргІанаш лелайора, ша тІедирзина моттуьйтуш», – боху Везачу Эло. Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора. Закъалт а делла, схьаэцна йолу бедарш тІе а юхий, Іохку уьш сагІанаш дохучу муьлххачу а меттехь. Шаьш гІуда тоьхна болчу нахера схьаэцна долу чагІар муьйлу цара шайн Делан цІа чохь. Пийлан кІомсарех бинчу маьнгеш тІехь Іохку шу, дегІана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша. Нагахь санна цхьана даьсса къамелаш дечо, аьшпаш а кхоьллина: „Ас чагІарх а, нихах а лаьцна хаамаш бийр бу“, – аьлча, цунах хІокху халкъана тамехь волу пайхамар хир ву.
Выбор основного перевода