Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Дарба дехьа суна, Веза Эла, тІаккха со толур вара. КІелхьарваккхахьа со, Веза Эла, со кІелхьарвер вара. Хьо ву аса хастамаш беш Верг. Шамранан пайхамаршна юкъахь иштта дегаза хІума гина Суна: цара БаІалан цІарах хаамаш бо. Сан Исраилан халкъ ледеш ду цара. «Тхо иза тобан гІиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хІора а вайн махка дІагІур ду вай, хІунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тІе хьалаяллал ю». Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий, вовшийн хІаллакдаррий, къоланаш даррий, марехь болчара ямартлонаш яррий тІехдукха даьржина адамашна юкъахь, адамийн цІий Іенор а дац хедаш. Ткъа Везачу Эло боху: «ХІун дийр дара те хьуна, Эпрайм? ХІун де те хьуна, ЯхІудан халкъ? Шун безам Іуьйранна хуьлу дохк санна а, хьалххе дайна дІадолу тхи санна а ма бу. Динан дайн тоба тера ю кІелонехь Іуьллуш йолчу талорхойн тобанах. Шехеме боьдучу новкъахь адамаш дойу. Цара боьха мел дерг леладо. «Къа ду церан, Суна уьш генабевлла дела. Уьш бохийна хир бу, шаьш Суна дуьхьалбевлла дела. Аса уьш кІелхьарбохур бара, ткъа цара Суна харцдерг дуьйцура. Муха дІалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ? Удам-гІалина диннарг дийр ду те Аса хьуна? Я Цхьабайма-гІалина диннарг дийр ду те? Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла. Эпрайман халкъ мох бажош ду, дерриг а дийнахь малхбалерчу махана тІаьхьадолу иза. Ша лело харцонаш а, бохамаш а алсамбоху цо. Ашур-махкаца барт а бо цо, Мисар-махка зайтдаьтта дохьуьйту цо».
Выбор основного перевода