Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Иза ган а гина, ша динчу суьртана хьалха сагІа доккху меттиг а кечйина, АхІарона дІахаийтира: «Кхана Везачу Элана лерина деза де хир ду». Къа ду бехначу эпраймхоша дозалла дечу кочаран. Цуьнан исбаьхьа хазалла кочаран маргІалдулуш долчу зезагех тера ю. И кочар токхечу тогІин коьрта тІехь ду, амма тогІин бахархой чагІаро бахийна Іохкуш бу! ЧагІаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагІаро галбоху. ЧагІаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хІиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гІуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу. Массо а стоьла тІехь Іеттораш ю, цхьанхьа а цІена меттиг яц. ХІарод вина де тІекхаьчча, ХІародадан йоІ паччахьний, цуьнан хьешашний хьалха халхаюьйлуш хилла. Цуьнан халхар чІогІа тайна волчу ХІарода
Выбор основного перевода