Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Сардамаш дохкаррий, вовшийн ледаррий, вовшийн хІаллакдаррий, къоланаш даррий, марехь болчара ямартлонаш яррий тІехдукха даьржина адамашна юкъахь, адамийн цІий Іенор а дац хедаш. Вайн паччахьан дезачу дийнахь чагІар а муьйлий, элий бехий дІахІуьтту, ткъа паччахьо Дела емалвечу нахе куьйгаш дІакхийдадо. «Эпраймхоша шайн аьшпашца го бина Суна. Ткъа исраилхоша – мекарлонца бина. ЯхІудан халкъ хІинца а Делаца лелаш ду, Везачуьнца иза тешаме ду. Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгІаташ далар тІедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Іедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу. Ишттаниг лелораш хІаллакьхила хьакъ долуш буйла шайна хуъушехь, шаьш иштта лелла а ца Іаш, цара ишттаниг деш болу кхиберш а бакъбо.
Выбор основного перевода