Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Амма халкъ шена Йиттина Волчунна тІе ца дирзина, массо а ницкъийн Веза Эла ца лехна цо. Цара мел лелийначу вочу гІуллакхаша шайн Далла тІе ца боьрзуьйту уьш. Цатешаме хиларан са церан дегнаш чохь хилла, цундела Веза Эла царна ца вевзина. Исраилан халкъан куралло цунна дуьхьал тоьшалла до. Исраилан халкъ (цунах иштта Эпрайман халкъ а олу) галдер ду, цо харцонаш лелорна. ЯхІудан халкъ а дужур ду цаьрца цхьаьна. Уьш массо а оьгІазаллех кхехкаш бу. Цара шайн куьйгалхой дІакхоллу. Церан массо а паччахьаш тІекІел охьаэгна, ткъа цхьа а стаг Соьга гІо доьхуш ца кхойкху». Уьш цкъа а доггах ца кхойкху Соьга, амма шайн меттанашкахь боьлхуш бу. Шайн догІмашкахь шаьш хеда а деш, Соьга доьху цара шайна кІа а, чагІар а далар. Ткъа и дарца Сох дІабирзина уьш.
Выбор основного перевода