Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ХІунда аьлча шаьш Хьуна гена бохурш хІаллакьхуьлу. Хьайна тешаме воцу хІорра а Ахь хІаллакво. Сан халкъо мукъана Соьга ладогІахьара, Исраилан халкъ Сан некъашца лелахьара! ТІаккха церан мостагІашна тІехь Ас сихха толам боккхур бара, царна дуьхьалбевллачарна тІе Сайн куьг хьажор дара. Аса туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу уьш, церан дайшна деллачу лаьтта тІехь уьш хІаллакьхилла дІабовллалц». Сан уьстагІий лаьмнашкахула, лекхачу гунашкахула дуьйладелла лелаш ду. Дерриг а лаьтта тІехула уьш дІасадаржийна ду, ткъа цхьаммо а уьш леха а ца лоьху, уьш каро а ца гІерта“. Цо ишттаниг лелорна, коканийн коьллашца Аса цуьнан некъ дІакъовлур бу, цунна дуьхьал пен дІахІоттор бу, цунна некъ ца карабайтархьама. Аса Исраил-махкана дарба лелийча, Эпрайман халкъан къинош а, Шамран-гІалин зуламаш а гучудовлу. ХІунда аьлча цара харцонаш лелайо. Къуй а бу лелаш. Талорхой а бу гІалин урамашкахь талораш деш. Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дІавирзинчу дийнахь! Сан Дала дІатоттур ду и халкъ, цо Шега ла ца доьгІна дела. Къаьмнашна юкъахь кхерсташ, доладелла лелар ду иза. «Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.
Выбор основного перевода