Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац. Хьо оьгІазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш. Ша оьгІазваханчохь Везачу Эло хІаллакбийр бу уьш, цІеро буур бу уьш. Закри-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кІанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш, иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хІоьттира. Тирца-гІалара Гадин кІанта Менахьима, ара а ваьлла, Шамран-гІалахь Явешан кІант Шалум вийра, ша цуьнан метта паччахь дІа а хІуттуш. Пакхихь-ЯхІу-паччахьан коьрта хьаькам Пикхахьи вара. Иза Рамли-ЯхІун кІант вара. Цо, Пакхихь-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, ГалІад-гІалара шовзткъе итт стаг шеца схьа а эцна, Шамран-гІалахь паччахьан цІийнан чІагІйинчу чохь паччахь вийра. Цуьнца цхьаьна АргІаб а, Ария а вийра цо. ТІаккха Пикхахьи паччахь хилла дІахІоьттира Пакхихь-ЯхІу-паччахьан метта. Элан кІанта ХІушаІа, Рамли-ЯхІун кІантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тІе а летта, иза вийра. Иштта, Іузи-ЯхІун кІанта Йовтама паччахьалла до ткъолгІа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дІахІоьттира ХІушаІ. ДоІанехь Хьоьга кхойкхуш я Хьох катоха гІерташ цхьа а вац. Цундела Хьайн юьхь тхох къайлаяьккхина Ахь, тхайн къинош бахьанехь тхо хІаллакьхила а дуьтуш. Суна тІеберзаран метта, гІийлачу харцдалла тІебоьрзу уьш. Шен пхарца гІокхана тІе ца кхочу тешам боцу секхаІад санна бу уьш. Церан элий туьро хІаллакбийр бу, шайн кІоршаме мотт бахьана долуш. ТІаккха Мисаран халкъ доьлур ду царах». Цара, Сох дага а ца бовлуш, паччахьаш шаьш дІахІиттабора. Соьга а ца хоьттуш, элий а дІахІиттабора. Шайн детих а, шайн деших а шайна цІуш бина цара, амма оцу цІуйн хІаллакьхиларан Іалашонна бен хир дац иза.
Выбор основного перевода